Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев
Книгу Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев читаем онлайн бесплатно полную версию! Чтобы начать читать не надо регистрации. Напомним, что читать онлайн вы можете не только на компьютере, но и на андроид (Android), iPhone и iPad. Приятного чтения!
Шрифт:
Интервал:
Закладка:
Доьлхучуьра сецна нара тIера ши бер гома схьахьаьжира, тоьпаш а карахь, эткашца даккхий татанаш а дохуш, чубаьхкинчу нахе. Берийн нана, эскархошка дIахьаьжжинчохь йисира, цIенкъа йуккъехь йогIайелла.
— ХIа! Сихо йел! Гулйел хIумнаш! Iедалан сацамца шу махках дохуш ду… КIиранна тоъал йуург а, шайн бедар а, мотт-гIайба а схьаэца бакъо йу шун. Сихо йе!
Райкоман векало гочдира.
— Мича бахьаненна? Мича махка?.. — куьйгаш дIасатесира зудчо.
— И тIаьхьа хуур ду шуна. Сихо йе!
— Ткъа кхеран… да? Иза чуваза ма ву.
— Иза маьждиг чохь ву кху сохьта. Райцентрехь шух дIатухур ву.
— Ткъа тхо… Муха? Кегийчу берашца?.. — эпсарехьа йирзира нана.
— Сельсовете кхаччалц — гIаш. Цигара райцентре кхаччалц бераш ворданахь, баккхийнаш — «шайн шиннан» тIехь! — вела а къежаш, эпсаро шина пIелга а гайтира гIаш ког баккхаран кеп.
Бераш делакъежара.
Лейтенанта, кисанара схьайаьккхинчу шен блокнота тIе а хьоьжуш, массеран а цIей, фамилий хоттуш, къоламца билгалонаш йира.
— ХIа! Ма латтал! Сихо йел! — чорда тIечевхира эпсар.
Нана йоьлхура, бераш а делха дуьйлира. Лейтенанта цIенкъа автоматан бух туьйхира:
— Ма чIечкъал!.. Зама йац!
Салташа a гIo деш, нанас дегочу куьйгашца, халла схьагулйира некъана йуург, бедар, мотт-гIайбий, шиъ ларча йеш.
— Дуьло хIинца!
Чуьра арабохуш, неIсагIехь сецира нана. Йухахьаьжира: пенах кхозу ден — ненан суьрташ схьаэца йуьйлира.
— Мегар дац! Зама йац!
Пхи шо кхаьчна ШаIрани, ненах хьаьрчира, цуьнан йух а лаьцна.
Ши шо долчу Вахас, воьлхуш, ши куьг автоматчике хьалакхийдадора, ша караэца бохуш.
Автоматчикаша, буьйлуш, туьттуш кехбехира уьш.
Еремеевн накъосто — жимахчу лейтенанта а, дехьарчу керташкара арабаьхна доьзалш а бара урамехь лаьтташ, кхаьрга хьоьжуш. Массо а уьш вовшахтоьхна: иттех зуда, ткъе итт сов бер, кхин пхи-йалх стаг а Еремеевс отряда кепахь дIахIиттийра. Наноша кегийра бераш караийцира.
— Сельсоветехьа — нийсса новкъа! Некъал дехьа, йа сехьа ког баьккхинарг — вада гIоьртинарг ву. Цунна, суд йоцуш, цу сохьтта тоьпаш тухур йу!.. — омра дира Еремеевс.
ДIадуьйладелира. Ло тIеоьхура. Бераш чIечкъара, наной тийна боьлхура, кортош лестош, баккхийчу наха, доIанаш а деш, Деле кхойкхура. Ког сихбинна богIура, уллобевлла автоматчикаш а болуш. Сельсовете дIакхачале, оццу новкъахула, кхин кхо керт а йара чуьра доьзалш Еремеевс арабаха дезаш. Сийна ков долчу кхаьчча, и йоллу ковра арахь саца а йина, оцу кех чоьхьавелира и, шеца кхо автоматчик а эцна. Кевнна кIелхьара пхьу чухьаьдира Еремеевна.
Тапча йелира, шен «гIалх» хадош, жIаьла охьадуьйжира. Учахь гучуйелира хIусамнана. Иза йуьртан туьканахь болх беш йуй хаьара лейтенантана хьалххехь дуьйна.
— Тхо ду!.. — аьлла лейтенант, хаттар-алар доцуш, накъосташца цхьаьна, чувахара, эткийн татанаш а дохуш. Блокнота тIе а хьоьжуш, йуха а лерира цо чохьберш: хIусамнана, марнана, кхо бер, марваша.
— Эдилсолта мичахь ву? — лейтенанта бIаьргашца лоьхура иза.
— Оцу чохь… Цомгуш ву и.
Дехьачуьра йовхарш схьахезира.
Эдилсолта меттахь Iуьллура, йуьхь кхохкийна, сихха садоьIуш, хьаьж тIе хьацар тоьхна.
— ХьалагIатта! TIe хIума йуха!.. Шу массо а кхечухьа дIакхалхош ду Iедалан сацамца.
— Муха массо? Со фронтовик, орденш а йолуш, тIеман заьIaпxo ма ву.
— И хIинца башха а дац. ХьалагIатта!
— Муха гIотту со? Со-х цомгуш ву.
— Ворданахь вуьгур ву. ХьалагIатта!
— Кхетахь, хIай, накъост: тоьпаш туху кхиэл йинчунна а и тIаьхьатоттур-кх, дагар дIадаллалц!
— ХьалагIатта, йовсар! Ас тапча йолуьйту хьуна!
Эдилсолта, вист ца хуьлуш, пенехьа дIавирзира. Тапча йелира. Эдилсолтин къена нана а, вешин зуда а маьхьаршца схьахьаьдира. Салташа цу секундехь автоматаш тIелецира царна. ЦIийлахь Iуьллура хIинца кхин садоьIуш воцу Эдилсолта.
— Хьал меттах! Оха садоккхур ду шун! Массеран а! — цIогIа делира лейтенанте.
Берийн гIap а йайра.
— Довла! Сихо йе! — омра дира лейтенанта, лампин серлонгахь карахь тапча а лепош, автоматаш а карахь йуххехь кийчча салтий а лаьтташ.
— Дан хIума дац, сан йoI! Дан хIума дац! Кхочушде! — элира марнанас. — Кхара вай билггал дойур ду… дерриш а… и гуш ду… Берийн къа ду… Вайх-м хIун дора…
Бесачу балдашца цахеза шабарш а деш, марнанас а, зудчо а, халла гулйира хIумнаш, бераш а кечдира… Салташа, теттиний, лаьцний арабаьхна, вукхарех дIатуьйхира уьш.
Ло тIедогIура.
Еремеев, шен участкера ша гулбинарш балош, сельсовете дIакхаьчча, бухахь, кхуьнга хьоьжуш, лакхара лейтенант Петрушин вара, Эскинойн кхийолчу участкашкара балийнарш а гулбина, Iаш.
Еремеевс тIе а вахана, «честь» а делла, рапорт дира:
— Накъост лакхара лейтенант! Массо а схьавалийна. Шиъ маьждигехь ву. Цхьаъ, транспортабельни воцуш, новкъа ваккха йиш йоцчу хьолехь хилира!
Петрушина вист ца хуьлуш корта таIийра, цунах ша кхетар гойтуш. Еремеевс аьлларг: «цхьаъ виэн дийзира шен» бохург дара. Берияс динчу омрехь, новкъа ваккхалучу хьолехь воцург дийна буха ма вуьтийла аьлла, сацийнера. Петрушинан бIаьрган негIарш цхьана секундана охьадахара. Делахь а, «приказ — приказ ду». Петрушина, хIинца Еремеевн а гIоьнца, схьагулдина адамаш дIахIиттийра отрядийн кепехь, могIаршца нисдеш. Цомгашнаш, бераш, ворданаш тIе ховшийра. Доцца кхайкхийра:
— Райцентре кхаччалц — гIаш гlyp ду. Ворданаш вайна тIаьххье схьаоьхур йу. Некъах разваьлларг — вада гIоьртинарг лору. Цунна тоьпаш тухур йу цу меттехь, суд йоцуш! Марш! — Петрушин лакха коьртехь а волуш, и йоллу къепал дIайолайелира лайлахула, зударийн, берийн делхарца, къаной тийна Деле а кхойкхуш, йуххе хIиттина богIуш автоматчикаш а болуш.
Еремеевс гулбинарш къепалан цIоганехь богIура, вовшашка къорра дешнаш а кхуьйсуш:
— Стенга дуьгу-те вай?..
— Берех къахета-кх!..
— Суна-м вайн бухадуьсу кешнаш а дагахь ду…
— Уьш а Iийр бу-кх хIинца дуьйна, вай кхин тIе хIунда ца догIу-те бохуш…
— Дерриш дайа дуьгуш мукъна ма хилахьара вай…
— ХIай! Сацийта-л и осала къамелаш: вай дерриш дайа дуьгуш а дац, вай дерриш цхьана дийнахь лийр а дац! Собаре хила. Вайх цхьаберш лахь а, бераш дуьсур ду, вай собаре хилахь. Вайн къам йуха а дебар ду. Хенал хьалха вала гIоьртинарг а къонах вац, Делан дикане са ца туьйсург а бусалба вац! Цул а, хуучара, Деле доIа де, йа дагахь назма ала! — оьгIазе вистхилира цаьрга цхьа воккха стаг.
Еремеевс, карара автомат маса къепална тIейерзийра, уллохь вогIучу райкомерчу нохчочуьнга оьгIазе хаьттира:
— И хIун къамел ду?
Автоматчикаша а герз кечдира.
— ХIума дац! ХIума дац! Воккхачу стага мелхо а сатухуш хила боху массаьрга а, делхарш а сацадай, шаьш ца Iелахь йиш лакха элира, — шена хезнарг кIаддеш, гочдира нохчичо.
— Эшарш лекха мегар дац! — Еремеевс автомат охьайахийтира.
Цунна тIаьххье автоматаш охьайахийтира салташа а. Нагахь Еремеевс шайга аьллехь, цара билггала, ца кхоош, тIетухур йара автоматаш цу массарна а — уьш мел миска хиларх: шайн карарчу автоматаш чул башха, кхин ойла ца йора цара нехан баланийн. Уьш кийча бара, шайга и алахь, цхьаъ царех буха ца вуьтуш, массо а уьш байъа. И доллу доьлхуш догIу халкъ, мел и делхахь а, советан халкъ доцуш, церан ойланехь мостагIийн халкъ дара, шайн бераш
Прочитали книгу? Предлагаем вам поделится своим отзывом от прочитанного(прослушанного)! Ваш отзыв будет полезен читателям, которые еще только собираются познакомиться с произведением.
Уважаемые читатели, слушатели и просто посетители нашей библиотеки! Просим Вас придерживаться определенных правил при комментировании литературных произведений.
- 1. Просьба отказаться от дискриминационных высказываний. Мы защищаем право наших читателей свободно выражать свою точку зрения. Вместе с тем мы не терпим агрессии. На сайте запрещено оставлять комментарий, который содержит унизительные высказывания или призывы к насилию по отношению к отдельным лицам или группам людей на основании их расы, этнического происхождения, вероисповедания, недееспособности, пола, возраста, статуса ветерана, касты или сексуальной ориентации.
- 2. Просьба отказаться от оскорблений, угроз и запугиваний.
- 3. Просьба отказаться от нецензурной лексики.
- 4. Просьба вести себя максимально корректно как по отношению к авторам, так и по отношению к другим читателям и их комментариям.
Надеемся на Ваше понимание и благоразумие. С уважением, администратор knigkindom.ru.
Оставить комментарий
-
Гость Наталия30 июль 23:31 Спасибо автору. Книга интересная, увлекательная, легко читается, оставляет приятные впечатления. Желаю автору дальнейших... Королева драконов - Анна Минаева
-
Гость Татьяна30 июль 22:31 Душевная книга, очень люблю Михалкову, произведения всегда сочные, с неожиданным концом. Много личных историй героев, читаются... Посмотри, отвернись, посмотри - Елена Ивановна Михалкова
-
Гость Ольга30 июль 19:51 Двоякое впечатление от книги. С одной стороны, интересные истории пациентов, интересные рассказы об операциях, с другой - слишком... На пути к сердцу. Записки кардиохирурга - Асланбек Аслудинович Дубаев