Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев
Книгу Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев читаем онлайн бесплатно полную версию! Чтобы начать читать не надо регистрации. Напомним, что читать онлайн вы можете не только на компьютере, но и на андроид (Android), iPhone и iPad. Приятного чтения!
Шрифт:
Интервал:
Закладка:
Мачийн метта дуьйхина тишдинарг мила ву?..
Адамийн дахар дуьненан паналлина гергахь дош дацар а, амма кху дуьненахь дахарал дош долуш кхин хIума цахилар а — цхьабосса чIагIдора эшаро. Селитас шен дагца чухудура цуьнан маьIна, эшаро цунна хьалхахIиттадора «тIом луьрачохь соьцучу» кIентан сурт: хIинца Селитина а гуш, иза Iуьллура гена махкахь цхьалха, мостагIаша вийна, гонаха йиш-ваша доцуш, тIехула, хIинца кхузахь санна, маьхьаршца къийгаш а хьийзаш. Амма кура кIант, «сийна олхазар» санна, шен синтем лоьхучех хиллехь, хIинца а вехаш а хир вара цхьанхьа, амма цхьанна а ву-вац а ца хууш. Цу кIанта, шен синтем ца лоьхуш, шен са а ца кхоош, мелхо а, тIамна тIех ца волуш, «тIом луьручохь» сецна, ша вейтина бакъонгахьа къуьйсуш. Цундела и хIинца а веха адамийн дегнашкахь, Рашидан иллица, Селитин ойланехь кху геннарчу махкахь шен амат йуха ден а луш. Селитин бIаьргара хин тIадам гIамарла буьйжира: иза йерриг а эшаро дIалаьцнера.
Эшарийн марзо дика йевзачу, дIогахь, гIарйайина, лаьттачу казахийн а йаххьаш цIийеллера: дешнех ца кхеттехь а, амма эшарийн лазам церан дегнаш чу дIакхаьчнера. Массо а дIатийра шаьш болччохь, хIинца Рашида, ира а хIоьттина, аз кхин а чIагIдеш, шен тIаьххьара дешнаш олуш:
Дуьнен чохь ца биъна и мерза ва безам
Ха харццал доцучу готтучу лахьти чохь
Биънарг а мила ву?..
Селитин бIаьрхиш охьаоьхура, эшаран тIаьххьарчу дешнаша кхойкхура массо адамашка кху лаьтта тIехь, вовшашца барт а болуш, ирс долуш хиларе.
— Сихбел уьш хIинца! — омра дира лейтенанта шен гIоьнче йуха а. Цуьнан гIоьнчаша, дIасахьаьвдда, доьзалш цхьаьний а нисбеш, шаьш гIo а деш, хIургонаш тIе ховшийра мухIажарш, массо а, шайн хIумнашца.
Нохчех йоьттина хIургонийн къепал, эшелон санна йеха, новкъа йелира.
Уггаре хьалхарчу хIургонахь бара Кериман доьзал. Церан хIургонна тIехьа а хиъна, ши ког охьа а кхозийна, гIийла шен узам а беш вогIура Рашид а. Царна тIаьхьарчу шозлагIчу хIургонахь, йух-йуххе а хиъна, дIаоьхура Тавсолтий, Селитий. Селита тидаме дIасахьаьжира: дIо, хIорш охьабиссийнчохь, аьчган некъаца лаьтта и цхьа цIелиг доцург, кхин цхьанххьа а гуш йа цIенош а, йа дитташ а доцуш, бIаьрго ма-лоццу шуьйрра дIасайаьржинера хIинцца соьналла тоьхна аре. ДIо геннахь, аренан йисттехь, анайух стиглах дIахотталуччохь, стигалан сийначу баса тIехь Iаьржа гуш къаьстара, цхьаъ вукхунна тIаьхьа йоьду ши эмкал, тIехь адамаш а долуш. «Мичахьара мича боьлху-те уьш кху йист йоцчу арахула», — дагатесира Селитина. Ша йичахьана хIинца дуьххьара цIера йаьллачу Селитина цIеххьана инзаре йоккха а, йеса а хийтира xIapa йист йоцу паналла:
«Кхузахь муха деха-те и адамаш?» — йуха а дагатесира цунна.
XIopш тIехь богIу хIургонаш а, цIахь ца гинчу тайпана, йехий-йаккхийра йара. Кхузахь царех рыдванаш олура. КеримгIар тIехь болу рыдван гIийла цIийзара, шина старо халла дIатекхош.
Тавсолтий, Селитий тIехь Iачу хIургонах боьжна, йеха маIаш йолу, боккха ши сту а партал техкара. И стерчий а, цIахь, ломахь гиначех тера доцуш, кху аренашца ма-товв, тамашен даккхий хетара Селитина. Амма даккхий делахь а, уьш меллаша догIура. Стиглахь, йуьхьанца хилла мархаш дIа а йевдда, хIинца малх берриг гучубелира, xIapa бIаьстенан хьалхарчех долу де серладоккхуш. Мокха, йеса хетта аре хIинца цIеххьана самукъане къегира. ДегIана там беш, Тавсолтина тIе хьоьжура бовха малх. Шен кетар, схьа а йаьккхина, кIелйиллира цо.
— Дада, итт де а далале, Iаьнна йуккъера бIаьстенга кхечи-кх вай! — тамаш бира Селитас.
Де сиха дохлора. ХIетте а кхеран стерчий лоьхкурш кетарш а тIехь богIура, улло бевлла, шек а боцуш, ира баххьаш долу цхьогалан можа куйнаш а техкина. Уьш йукъ-кара кхаьргахьа гома схьахьовсура: царна бериянцаша хьалххехь дIахаийтинера нохчий, беран цIий а муьйлуш, адамаш а дууш, акхарой ду аьлла.
— ДIа маца кхочур-те вай? — хаьттира Селитас.
— И тайша сту кIеззиг ларшха бу, тIе, вайн киранчаш башха каде а бац, — элира Тавсолтас.
Амма цу сохьта, ира йуьхьиг йолу беха сара туьйхира кхеран стерчий лоьхкучо аьтту aгIopчу стеран вортанах. Реза бацарца шен йеха маIаш йуха а ластийна, старо ког масабаьккхира. Важа тIаьхьа соьцура. Цунна а ластийна туьйхира къоначу казахо. Шина а стеран вортанаш тIехь, уьш дукъах хьекхалучохь, даьIнаш гора. Жимма хан йаьлча, церан болар йуха а малделира: Iаьнан докъарх а хаьдда, бIаьстенан керлачу бацах а дузаза долу стерчий, серий санна, шайн пIендарш а гуш, гуттар эгIаздевлла мур бара. Царна йуха а оьгIазе тIекIирвелира казах, сара бетташ, тIаьхьабогIучарна а хьем боккхура цара.
— «Ма къиза бу хIорш!» — дагатесира Селитина.
— Ма йетта алахьа! Къа дац церан! Хьайбанаш ма ду уьш, Дала а кхоьллина! — элира Тавсолтас йоIе. Селитас оьрсийн маттахь иза шега дIааьлча, хьаьжкIийн буьртигех тера луьста кIайн цергаш гучуйохуш, велакъежначу казахо:
— Билмейман!3… — аьлла, стерчашна йуха а сара ластийра.
«ХIорш-м вайл а тIаьхьабисина ма бу», — аьлла, хийтира Тавсолтина. Уьш дуьххьара гучу Селитина церан йаххьаш сов горгий, марош кегийра, бIаьргаш вовшашна гена ховшийна, ткъа массо а вовшех цхьатера хийтира уьш. Доккха са а даьккхина, йухахьаьжира Селита: йа галц а, йа очакх а доцчу шерачу новкъахула генна могIа бина йогIура, эмкалш санна, и даккхий стерчий доьжна йолу, нохчий шайн керлачу метте балош йогIу xIypгонийн ковра. Iожачу говрахь, оцу могIанна цкъа коьрте, тIаккха цIогане хьодуш лелара, хIорш спискица багар а беш схьаэцна, лейтенантан хормехь волу казах. Иза шайга хIинца нисвелча:
— Тхо дуьгу меттиг йийцахьа! — хаьттира Селитас.
— Джамбулан цIарах колхоз йу… Жал-тюбе-Юьртахь… Са ма гатделахь, цуьрриг вон йурт йац хьуна… — жоп делира цо цIеначу оьрсийн маттахь.
Хьалхарчу рыдванна тIехьа хиъна, шен узам а беш вогIу бIаьрзе Рашид кхаьрга схьа а ца хьаьжира.
— Цунна-м башха а хир йац, ша миччахьа хиларх? — меллаша дега элира Селитас.
— ХIан — хIа, — схьа мохь туьйхира, Селита цецйоккхуш, и хезначу бIаьрзечо, — когашна дика хаьа лаьттан чам, мерана къаьста аренийн кхин тайпа хьожа… Ткъа лергаша а схьалоьцу… керла аьзнаш. ХIан-хIа, йоIиг, бакълец хьо! — элира Рашида.
Ша хIун эр ду а ца хууш, цIийелла IадIийра Селита.
Йуьрта дIакхечира.
Некъаца нийсачу могIаршца лаьттара, тIе латта а тесна, паьштигца таIош поппарх дина, шера беданаш долу цIенош: царна гонаха поппарх йина керташ — дувалаш йаьхьнера. Царна хьалххахула йаьккхинчу саьнгар чухула догIура татол — арык. Нилхо лаьттара, арыкца йийгIина, хIинцца сенйелла йогIу гlapгIанаш, акказеш.
— Xlapa ду-кх шуна билгалдаьккхина цIа… Джейран, чохь дуй шу? — мохь туьйхира лейтенанта-казахо лохачу учахь малхехь Iачу зудчуьнга.
— Дика ду-кх… делахь! — элира Тавсолтас. Селита IадIара. КеримгIеран хIургон тIехйаьлла дIайахара, Керима кхаьрга забаре куьг а ластош. Йуьхьа тIехь йуккъерачу хенара хета, Iаьржачу гиччошкахь цхьацца детин хьесий а лепаш, хьалагIаьттича, йоIстаг санна, дуткъачу дегIахь йолу Джейран кIедачу боларца тIейеара. Казахийн маттахь кIеззиг цеце
Прочитали книгу? Предлагаем вам поделится своим отзывом от прочитанного(прослушанного)! Ваш отзыв будет полезен читателям, которые еще только собираются познакомиться с произведением.
Уважаемые читатели, слушатели и просто посетители нашей библиотеки! Просим Вас придерживаться определенных правил при комментировании литературных произведений.
- 1. Просьба отказаться от дискриминационных высказываний. Мы защищаем право наших читателей свободно выражать свою точку зрения. Вместе с тем мы не терпим агрессии. На сайте запрещено оставлять комментарий, который содержит унизительные высказывания или призывы к насилию по отношению к отдельным лицам или группам людей на основании их расы, этнического происхождения, вероисповедания, недееспособности, пола, возраста, статуса ветерана, касты или сексуальной ориентации.
- 2. Просьба отказаться от оскорблений, угроз и запугиваний.
- 3. Просьба отказаться от нецензурной лексики.
- 4. Просьба вести себя максимально корректно как по отношению к авторам, так и по отношению к другим читателям и их комментариям.
Надеемся на Ваше понимание и благоразумие. С уважением, администратор knigkindom.ru.
Оставить комментарий
-
Артур01 август 01:14 "Там, где лес не растëт", конечно, тяжëлая книга... Концовка слëзы выжимает нещадно. ... Там, где лес не растет - Мария Семенова
-
Гость Наталия30 июль 23:31 Спасибо автору. Книга интересная, увлекательная, легко читается, оставляет приятные впечатления. Желаю автору дальнейших... Королева драконов - Анна Минаева
-
Гость Татьяна30 июль 22:31 Душевная книга, очень люблю Михалкову, произведения всегда сочные, с неожиданным концом. Много личных историй героев, читаются... Посмотри, отвернись, посмотри - Елена Ивановна Михалкова