Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев
Книгу Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев читаем онлайн бесплатно полную версию! Чтобы начать читать не надо регистрации. Напомним, что читать онлайн вы можете не только на компьютере, но и на андроид (Android), iPhone и iPad. Приятного чтения!
Шрифт:
Интервал:
Закладка:
— Муха? ХIун дора? Дийцахьа! — Керимна оцунах лаьцна дуккха а хезнехь а, хIинца кхуьнгахула ма-дарра дерг а хаа лаьара.
— Муха?.. Йеттара!.. ГIибавоккхуш! ЦIарнех герканаш ухкура!.. БIаьргашна дуьхьал тIех сирла лампанаш йагайора!.. Наб ца йойтура!.. Кхин масане дара уьш!.. Сихха велла а ша дIаволийла луучу хьоле хIоттавора лаьцнаверг… ТIаккха тIаьххьара а цо даре дора ша мел цадинчунна. Лаьцнарг йоза ца хууш хилахь, шайна оьшшучу aгIop шаьш протокол а хIоттадой, цуьнга, Iexa а вой, кIел куьг таIадойтура. Амма, иза а чекхдаллалц кечдан ца кхуьуш, байинарш а дукха хуьлура…
Керим къаьрзинчу бIаьргашца Бакаран бIаьргаш чу хьаьжира: «Ткъа хьо, мукъна, хIун деш вара хIетахь?» — бохург дийшира Бакара цуьнан бIаьргаш чохь.
— Бакъду, со хIетахь барт хоьттучийн могIарехь а вацара. Сан и аьтто хилла. Со арабевлла лела бандиташ-обаргаш схьалецар тIедиллинчу бIон коьртехь вара… — Дела гуш ву-кх, — Бакара хьалатесира шен мажделла оза ши куьг. — ХIapa ши куьг, кху зудчун а кхардан дог доцуш, цкъа а бехдина ма дац ас йа лаьцначунна тоьхна а, йа цхьаьнггара а кхаъ баьккхина а…
— Цундела Iуьллу-кх, гуьйриг санна, йа даьхни а, йа ков-керт а, йа дIадиллина ахча а доцуш, — йукъаIоьттира Хьулимата.
— Сацахьа!.. — куьг ластийра цунна, кIеда вела а къежна, Бакара, — «цундела» суна йелла шортта пачхьалкхан йаккхийра орденш йу… Тоьур ма ду иза а.
— Тоьур ду… — Iад ца Iapa Хьулимат. — ЖIаьлийн кочахь кхозийла и хьан орденш… Чуваше муха хьажийра хьо?.. Хьайл дуккха а лахарчу комендантан гIоьнча а вина, муха латтийра?.. Цигара а, хорма охьа а йуьллуьйтуш, муха лаьллира?.. Цхьа а кхин бахьана а доцуш — нохчо хиларна!.. Хьан… орденш!.. — ца соцура Хьулимат.
— Дийца витахьа, xIaй зуда, — хIинца баккъал тIечевхира Бакар зудчунна. Хьулимат сецира. Керимна а лаьара иза IадIойла. Цо хаьттира Бакаре:
— ТIаккха хьо муха висира хIетахь… айхьа нах ца бойуш а… йа хьуо ца вуьйш а?..
— Нах-м байина а хир бу аса а тIом бечохь: ас ма элира хьоь, со бандиташ схьалецар тIехь долчу бIон коьртехь вара. Вовшашна кхийсарш нисйеллачохь схьавуьйш а, дIавуьйш а хуьлура. Амма бандит лаьцна ваьллачул тIаьхьа цкъа а ас цунна йа тоьхна а, йа законехь ца богIу кхин тайпа ницкъ а бина бац. Амма хIетахь суо ца вуьйш висарх тахана тамаш-м бо аса. Кхуьнан кхарда дог дац-кха хьуна, — алийтал цуьнга шега а — тхешан аппарате суо балха дIавоьдуш а, кхеран цкъа Iодика а йина бен араваьлла вац-кх со цкъа а! — элира Бакара.
— Бакъ-м, дера, ду! — тIечIагIдира Хьулимата. — Чухула духу коч-хечий хуьйций, тIе, портфел чу сухарш а, чухуларчу бедаран кхин цхьа чкъор а дуьллий бен, ара-м, дера, ца волура…
— ХIетахь муха дара аьлча, — Хьулимате и сацош куьг а ластийна, дуьйцура кхин дIа а Бакара, — Iуьйранна хьаькам вара — сарале «халкъан мостагI» хуьлура. Ас лецначу бандитийн гергарчарех цхьана-шинна дагадеънехьара со шайгахь цхьана дийнахь хьошалгIахь хилла бохург йаздан — билггал лаьцна хир вара-кха со а… Суо муха висна а ца хаьа суна!.. Бакъду, цхьанна а айса вас а йина мостагI вацара сан… Цу тIехь цатам хилира сан невцана… Сурупин Анатолина. Цо чубохкийтинчу Зебилин дас а, кхечара а цхьацца йаздина хиллера цунна. Иза чу а воьллина, таллам беш, кхин а гучудевлира Анатолийс бинчу талламца тоьпаш тоьхначу иттех сов стагна цо чекхдахаза дисина протоколаш а… ХIетахь лелориг ша йерг а мел йоккха беззаконие йелахь а, протоколаш чекхдаьхна хила дезара. Анатолий, цкъа бехха таллам а бина, «особко» кхел а йина, тIаьхьо, тоьпаш а тоьхна, вийра… Тоьпаш-м хIетахь денна а йеттара…
— И муха хуьлура?..
Бакара, жимма са а даьIна, дийцира:
— Хьалха, 1935-чу а, 1936-чу а шерашкахь, тоьпаш тоха кхиэл хилларш, иштта дукха ца хуьлучу хенахь, уьш буса, цхьана хьуьн чу а буьгий, цигахь чекхбохура… Ткъа 1937-чу а, 1938-чу а шерашкахь уьш тIех дукха хуьлура. Цундела, уьш гена ца буьгуш, дукха хьолахь эцца гIалина кIел, Соьлжа йистехь йолчу — «Тыртово роща» олурий-те цунах? — хьуьн чу а буьгий, цигахь дIабохура. ТIехволучунна герз долу хазахь а, олий, цкъа хьалха хабар даржадора цига йуххерчу гIалгIазкхийн станицехула цу хьуьн чохь эскархой бу Iамош, герга ма гIерта, олий… Со цкъа а ца хилла тоьпаш тухучаьрца дакъалоцуш. Амма сан а дийзира цкъа и гIуллакх ган. Суна цкъа тIедиллира, лам чохь лецна бандиташ шина грузовикахь цига охьакхачабар. Уьш, охьа а кхачийна, бухахь тхоьга хьоьжуш Iачу коменданте Алейсенкога кара дIабелира ас — спискаца. Массо а вара тIехьа куьйгаш дIа а дихкина…
— Барий уьш баккъал а бандиташ, мукъна? — хаьттира Керима.
— Наггахь верг-м хила а тарлора, амма дукхахберш цхьа пекъарш бара-кх… Шаьш мича буьгу а, стенна буьгу а ца хууш… «Бандиташца уьйраш йуй, уьш болу меттигаш схьа ца йуьйций» бохуш, лецна… «налоган» терахь кхочушдеш…
— ТIаккха?..
— Бухахь, бай тIе маларш а, даарш а хIиттийна, шайн кад а молуш, Iаш бара Алейсенкоца болу НКВД-н хормехь кегийрхой а. Цара и мисканаш дIахIиттийра могIарехь дитташна хьалха… Шаьш а могIарехь дIахIиттира царна дуьхьал. Алейсенкос, шена йуххехь лаьтташ кхин шиъ НКВД-н эпсар а волуш, буьйр кхайкхийра: «Советан мостагIашна йина тоьпаш туху кхиэл кхочушъе!»
Мисканашна тIеетта йолийра тоьпаш… тапчанаш… Бийла а буьйлуш… Вовшашка забаре дешнаш а кхуьйсуш, тIейеттара… Цхьацца-шишша шаьш болчохь охьаоьгура пекъарш… Цхьаболчара Деле кхойкхура: «Йо, АллахI, Хьо гуш ву-кх!.. ХIун ду-те xlapa?»… Цхьа къона ламанхо, жима стаг, диттах а тевжина — хIинца а иза йуьхь-дуьхьал лаьтта суна, — вега а веш, воьлхура, нисса схьа тIе а хьоьжуш. Суна йуххехь маузер а карахь лаьттачу, вайнахах волчу, НКВД-чо, воьлуш, мохь туьйхира цуьнга:
— Хьо-х нохчо ву!.. Эхь а ца хетий хьуна велха!.. — аьлла, цо шозлагIа, хьалхачул нийса хьажош, тоьхначу маузеро охьавиллира иза а ша волччохь…
Ойлане вахара Бакар, Керим a Iapa гIорийна.
— Гой хьуна, — юха а дийца волавелира Бакар. — Цул хьалха а вацара со сайн балхах Iехавелла лелаш, амма эццигахь дуьйна дог делира сан сайн балхах а… сайх а!.. Хьалха
Прочитали книгу? Предлагаем вам поделится своим отзывом от прочитанного(прослушанного)! Ваш отзыв будет полезен читателям, которые еще только собираются познакомиться с произведением.
Уважаемые читатели, слушатели и просто посетители нашей библиотеки! Просим Вас придерживаться определенных правил при комментировании литературных произведений.
- 1. Просьба отказаться от дискриминационных высказываний. Мы защищаем право наших читателей свободно выражать свою точку зрения. Вместе с тем мы не терпим агрессии. На сайте запрещено оставлять комментарий, который содержит унизительные высказывания или призывы к насилию по отношению к отдельным лицам или группам людей на основании их расы, этнического происхождения, вероисповедания, недееспособности, пола, возраста, статуса ветерана, касты или сексуальной ориентации.
- 2. Просьба отказаться от оскорблений, угроз и запугиваний.
- 3. Просьба отказаться от нецензурной лексики.
- 4. Просьба вести себя максимально корректно как по отношению к авторам, так и по отношению к другим читателям и их комментариям.
Надеемся на Ваше понимание и благоразумие. С уважением, администратор knigkindom.ru.
Оставить комментарий
-
Гость Светлана26 июль 20:11 Очень понравилась история)) Необычная, интересная, с красивым описанием природы, замков и башен, Очень переживала за счастье... Ледяной венец. Брак по принуждению - Ульяна Туманова
-
Гость Диана26 июль 16:40 Автор большое спасибо за Ваше творчество, желаю дальнейших успехов. Книга затягивает, читаешь с удовольствием и легко. Мне очень... Королевство серебряного пламени - Сара Маас
-
Римма26 июль 06:40 Почему героиня такая тупая... Попаданка в невесту, или Как выжить в браке - Дина Динкевич