Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев
Книгу Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев читаем онлайн бесплатно полную версию! Чтобы начать читать не надо регистрации. Напомним, что читать онлайн вы можете не только на компьютере, но и на андроид (Android), iPhone и iPad. Приятного чтения!
Шрифт:
Интервал:
Закладка:
— ХIай! Iадатийн тIуьйлиг! Хьайн Iадаташ гойтуш хир йу хьо! Ас хоуьйтур ду хьуна! — карзахвелира иза.
Даьлла тата а хезна, важа накъост тIевеара. Хьелиозархой а тIегулбелира.
— Хьовсийша, сурт доккхуш пхьаьрсах куьг хьакхаделча, туьйхи-кх! — оьшучул а чIогIа мохь беттара цо, кху йуьхьIаржонах, ша хIун дича, хьалхавер вара ца хууш.
Керим а, учетчик а тIевеара.
— Ас хIинцца акт а хIоттийна, суьде лур йу! Ас… чуйуллуьйтур йу хьо! Пачхьалкхо ца могуьйту шен корреспондентан сий дайар! Iадатийн къуьрдиг!
— ХIан-хIа! Суна гира ахь цуьнан пхьарс муха лецира, — элира Алпатус.
— Суна и цуьнан лере таьIаш а, дера, гира! — тIечIагIдира вукху дояркас.
— Суна… тIара долуш а, дера, хезира! — Зурас а аьлла, массо а дояркаш гIадбахана белабелира.
— Делан дуьхьа! Ма нийса тоьхна тIара ду-кх и, Нурседа, да-м! Оцу куьйга ахь шура алсам йаккхарх хIинца хIумма а тамаш ца бо-кх оха! — хастийра и Алпатус.
— Сий доцу йамартхой! — Хьоза карзахвуьйлура.
— Тхан а, хьайн а сий дойу йамартхо хьо ву-кх! Хьан кассета чохь пленкаш а йацара новкъахь дуьйна!.. Валол! — аьлла, иза вукхо хьалха а ваьккхина, дIабахара уьш.
— Дера, ца хаьа, Нурседа, Баккъал, хьуна хьан йелла и бакъо нахана тIара детта! Хьо-х партехь йу! ЧIоггIа дIааьлча а, тоьар дац ишттачохь?.. Хьо йезаелла хила а мегарий иза-м, — забаре бехк баьккхира Керима, амма цунах шен дагахь воккхавера иза.
— Суо партехь хиларна лардо ас сайн сий! И тайпа эвхьазло суна ца оьшу! И санначарна и хьалххе дуьйна а хууш хила деза!
— Дера, и лерган потт эккхийтичий бен Iадда ма ца Iа цхьаверг! — гIодаьккхира Алпатус.
— Цо хIун дора, цкъа Сиржа-эвлара хьаьмц кхаьллича санна, цIоцкъам саттош, тIаккха, гIалара кампет йиъча санна, балдаш цIубдеш? ДIахьовсал дIо: хIинца а кIур оьхуш, лаьттахь богуш бу, шуна, цуьнан безам, — аьлла, лаьттахь Iуьллучу цигаьркана тIе пIелг а хьажийна, берриш йуха а белийра Зураа.
— Бакълоь, бакълоь Нурседа! — массара къобалйира иза.
Цигара райцентрехьа вахара Керим, новкъахь Нурседин ойла а йеш: «Ийна йу, амма эвхьазло йезаш йац! Оьзда а йу, къонаха а йу!» — сацийра цо.
ТIаккха Кериман ойла шен цIентIерачу хьолехьа йирзира: «Дикачохь, райцентрехь пачхьалкхо йелла хаза хIусам лаьтта, амма чохь дог тIеузу синкъераме нур дагац… Кесира дIайаьлчахьана. Хьалакхиъна Каташ а кестта зуда а йалийна, шена вер ву… Жимачу Заретаца суо цхьалха муха Iийр ву со? — цу ойлано хьалха а кест-кеста хьовзавора Керим. Оцу ойланна тIе мосазза кхечи, лаамаза, йа лааме, Нурседа дагайогIура цунна, иза шеца бакъахьа а, хьакъ а хеташ. Амма кхетамо цу сохьта дIатоттура и, йуккъера лелийна гергарло а, Тавсолта а дагалоций. Делахь а, и ойла цуьнан коьртехь эвхьазайаьллера: «Цуьнан а ду, сан санна, бераш… со царна хьанал да а хир вара»… Амма Тавсолта йуха а дуьхьаллоций: «Йуккъехь иштта лелла гергарло хилча, наха а и харцахьа тидахь», — олий, йуха а дагара дIатоттура цо иза.
Делахь а… цхьа хан йаьлча, хьаьвззий, йуха а цу тIе йогIура ойла. Тахана а и ойла керлачу нуьцкъаца йехха сецира Кериман даг чохь, хIинцца хиллачо самайаьккхина. ХIинца дуьйна Кериман коьрта гIайгIа, хIун дина, оьзда хиндолчу aгIop, кхочушйийр йара-те и ойла аьлла, йара. Нурседас и магадахь, Тавсолтега ца хьоьжуш а, и йало сацам бира цо шен дагахь… Цо цу гIуллакхан сихо йан дагалецира, амма оццу гурахь Нурседа цIеххьана Эскинойн сельсоветан председатель хаьржира.
— Божарийн балха йахан-ц! — реза ца хилира Тавсолта.
ЙУЬРТДЕН ДЕЗАРШ
Сельсовет а, колхозан правлени а цхьана тхов кIел йара, тIе шифер йиллинчу йеттинчу кибарчигийн цIенош чохь. Йуьртден кабинета чохь, стоьла тIехь кехаташ а даржийна, шина куьйга корта а лаьцна Iан Нурседа, доккха са а даьккхина, арахьаьжира: маьлхан зIаьнаршлахь коре кхевдина гаьннийн гIаш, буьйран басахь къегара, мох а боццушехь, меллаша охьаоьгура, дитта кIел можа палс баржош.
Кехаташна тIелахйелира Нурседа: xIoкху деношкахь сельсоветан сессехь а, тIе хIинцца райсоветехь а чIагIйинчу плано некъаш тадарал, пачхьалкхан заготовка кхочушйарал совнаха, тIедиллинера йуьрта сихха электросерло йалор, школин кертахь мехкарийн интернат йар, ширачу Iадаташца къовсам марсабаккхар…
НеI ца тухуш, чувелира, боккха месала куй а коьртахь, къено йуьртахо. Нурседа, коьртара йовлакх тодеш, хьалагIаьттира:
— Охьахаа, Абубакар… хIунда веанера хьо?
— ЦIеношна тхов тIеберзоза биси-кх сан, Нурседа. ХIинца ахь гIo ца дахь, догIанаш ма-дилххи, берриг болх бов-кх сан… шифер оьшу… Колхозо йац эли…
Нурседас йаздина кехат делира:
— Вало, райсовете а гIой, цигахь председателе, йа цуьнан заместитель волчу, вайн йуьртахочуьнга Кериме xIapa дIало… КIеззиг йу хьуна церан… Йерриш ца лахь а, ах, мукъа, лур йу хьуна.
— ХIай баркалла! — кехат кисана а таIийна, йуьртахо дIавахара…
«Амма… массарел халаниг интернат йар ду… Бакъду»…
— Мегар дуй? — схьахезира оьрсийн маттахь.
— Мегар ду!
Чуйелира оьрсийн къона ши йоI.
— Де дика хуьлда хьан, Нурседа Тавсултановна! Тхойша керла йаийтина ши хьехархо йу. Тхан хIусамна, догIанаш ма-дилххи, чу ладар догIу…
— Цул сов, — элира вукхо, — кхузарчу туькана деана бепиг, шекар, даьттий… тхо балхахь дохккушехь, кхача а дой, тхо дуьсу… Тхуна буха дита алийша!..
— Дика ду. И шозлагIниг — кхана дуьйна а кхочушхир ду… ХIусаман гIуллакх ду халаниг. Сихха тайойтур йу вай!..
— Баркалла… Iодика йойла!.. — дIабахара уьш.
Цу сохьта телефон йийкира.
— ХIа-а! Де дика хуьлда хьан, Анна Львовна!.. Маса де ду цIахь сацийна? Фамили… дIайазйи ас: Хайдарова Эсила, пхийтта шо… Маре йала а дагахь бу? Тахханехь къастор ду… Эсила школе йуха хьажайойтур йу, хьуна, ас, Анна Львовна! Гур ду хьуна… Iодика йойла, Анна Львовна…
Йуха а шен ойланашна чуйуьйлира Нурседа:
«Бакъду, хала делахь а, уггар оьшург ду хIинца интернат йар: и ЭсилагIар, шайнна мехкарийн интернат а йина, божарех дIакъастийча, мукъна, дешна бовллалц йукъах ца баха мегара-кх болчара!..
— Мегар дуй? — схьахезира оьрсийчун аз.
— Мегар ду.
Чоьхьавелира лекхочу дегIахь, оьгIазваханчу сибатехь къона стаг:
— Накъост Берсанова! ХIокху тайпана гIуллакхаш дIадолхахь, со кхузара дIагIур ву… Стохка а милла лара со медпунктехь, хIинца а, кханий-кханий бохуш, дечиг даза ду… Iа мера кIел лаьтта.
— Олег! ОьгIаз ма эха! Дечиг хуьлуьйтур ду хьуна… Кхана суьйранна колхозан правлени хуьлу… дIавола. Со а хир йу. Цигахь дуьйцур ду вай.
И дIавахара. НеI ца тухуш, жимо йоI чуйелира.
— Дийцал, йоI, хIинца айхьа деанарг.
— Со лахахьара, хьер йолчуьрчу Iалвин йоI Миспаъ йу. Ас кху шарахь ворхI класс чекхйаьккхинера… суна кхин а дIа деша лаьара… амма тхан дас цIахь сацийна со, йуьртах а йаьлла, божаршца цхьаьна деша йохуьйтур йац ша аьлла… суна хезнера гIалитIахь нохчийн мехкарийн интернат йу, бохуш… дешна йаьлча, цхьацца
Прочитали книгу? Предлагаем вам поделится своим отзывом от прочитанного(прослушанного)! Ваш отзыв будет полезен читателям, которые еще только собираются познакомиться с произведением.
Уважаемые читатели, слушатели и просто посетители нашей библиотеки! Просим Вас придерживаться определенных правил при комментировании литературных произведений.
- 1. Просьба отказаться от дискриминационных высказываний. Мы защищаем право наших читателей свободно выражать свою точку зрения. Вместе с тем мы не терпим агрессии. На сайте запрещено оставлять комментарий, который содержит унизительные высказывания или призывы к насилию по отношению к отдельным лицам или группам людей на основании их расы, этнического происхождения, вероисповедания, недееспособности, пола, возраста, статуса ветерана, касты или сексуальной ориентации.
- 2. Просьба отказаться от оскорблений, угроз и запугиваний.
- 3. Просьба отказаться от нецензурной лексики.
- 4. Просьба вести себя максимально корректно как по отношению к авторам, так и по отношению к другим читателям и их комментариям.
Надеемся на Ваше понимание и благоразумие. С уважением, администратор knigkindom.ru.
Оставить комментарий
-
Гость Светлана26 июль 20:11 Очень понравилась история)) Необычная, интересная, с красивым описанием природы, замков и башен, Очень переживала за счастье... Ледяной венец. Брак по принуждению - Ульяна Туманова
-
Гость Диана26 июль 16:40 Автор большое спасибо за Ваше творчество, желаю дальнейших успехов. Книга затягивает, читаешь с удовольствием и легко. Мне очень... Королевство серебряного пламени - Сара Маас
-
Римма26 июль 06:40 Почему героиня такая тупая... Попаданка в невесту, или Как выжить в браке - Дина Динкевич